Декада чеченского языка и литературы

22.04.2024
Оханан беттан ткъе шолг1ачу дийнахь, Эна-Хишкан лоьмар цхьаъ йолчу ишколехь д1айаьхьира «1алашбе вай вешан Нохчийн мотт» ц1е йолу конференци. Конференцин декъашхой: 5-9 классан дешархой. Конференцин 1алашо: нохчийн мотт бийцар, 1алашбар. Дешархойн матте болу безам алсамбаккхар. Нохчийн хаза г1иллакхаш, ламасташ, 1адаташ дешархошна довзийтар, къоман мотт хилла а ца 1аш, ненан мотт -иза вайн дахаран коьрта т1ума хиларх дешархой кхетор. Дешархошна шовкъ хир йолуш, чулацаме докладаш дийшира 7-чу а, 8-чу а классан дешархоша. Ша йазйинчу байтаца нохчийн меттан хьехархочо, Мамышева Марета йерзийра конференци.