"Беза, бовза хьайн Даймохк»

13.06.2024
Оханан беттан доьалг1ачу дийнахь, нохчийн меттан институтехь д1абаьхира «Беза, бовза хьайн Даймохк» ц1е йолу республикин къовсам. Къовсаман коьрта 1алашо йара: дешархошна шайн Даймахке болу безам алсамбаккхар а, дешархойн шайн ойла йостуш, хаарш зиэр а. Эна- Хишкара лоьмар 1 йолчу йуккъерчу йукъардешаран ишколан дешархочо Алиханан йо1а Борщигова Ясминас дакъалецира республикин къовсамехь. Асаран беттан кхойтталг1ачу дийнахь , дакъалацархой декъала бира сертификат , совг1ат даларца.